Йукъарчу хьелашкарчу набахтехь даккха 6 шо хан тоьхна Нохчийчуьра 22 долчу Бортиев Мохьмадна, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен веза бохуш, кхайкхамаш барна. ТаIзар дина цунна Ростов гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело.
Официалан версица а догIуш, 2024-чу шеран чиллан а, зазадокху а беттанашкахь Бортиевс дитинчу йозанашна тIехула бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Талламо бахарехь, цу тIехь кхайкхамаш хилла "пачхьалкхан урхалхо хIаллакван веза" бохуш, ишта "къоман...